Къоман «Даймохк» газетан хьомсара хьеший, махкахой, тӀекхочуш ду Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Указца дIакхайкхийна долу Нохчийн меттан де

«Нохчийн мотт къам дехаш хиларан чӀагӀо йу нохчийн мотт!», — цхьа хаза, цхьа маьӀне дешнаш олуш хилла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гӀазот къобалдойла Цуьнан!). Дерриге а кхачош, дерриге а чулоцуш ду и дешнаш.

Мотт ларбан а, цуьнан сий дан а вайх хӀора а декхаре во оцу дешнаша, вайн кхане цунах йоьзна хилар а, доьзалехь а, балха тӀехь а, вовшашка а иза бийцарна тӀе тидам а бохуьйтуш.

Дийца оьшуш а доцуш, мотт Ӏалашбарна а, кхиорна а, бийца-баржорна а Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана кхоьллина хьелаш массарна девзаш а, гуш а ду.

Цуьнца а догӀуш, нохчийн мотт кхидӀа бахар а, кхиар а вайн карахь ду.

Ӏалашбай вай тӀаккха, нохчий, вешан мотт?! Кхиабай вай, нохчий, вешан мотт?! Бийций вай, нохчий, вешан мотт?!