Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместителан Кадырова Ӏайшатан а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден а Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместителан Кадырова Хадижатан а дӀадолорца Кадыровн цӀарахчу йукъараллин фондера республикин 1644 хьехархочунна 100 000 сом ахчанаш лур ду.

Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен агӀонехь.

Иза билгалдаьлла Кадыров Рамзана дӀайаьхьначу шуьйрачу кхеташонехь. Цигахь иштта дийцаре дина Нохчийн Республикин историн а, историн хӀолламийн а, архитектурин а, культурин тӀаьхьалонийн а шо дӀадахьаран гӀуллакхаш.

Мехк-Дас дийцарехь, нохчийн мотт хьоьхуш мел волу хьехархочунна ахчанаш а, республикин лаккхара совгӀаташ а дала сацам хилла.

«Ас хазахетарца тӀеийцира Кадырова Ӏайшата а, Хадижата а дӀадолийна гӀуллакх. Цу хьокъехь белхаш дӀабахьар ас тӀедиллина Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министрана Дааев Хож-Баудина», – йаздина Кадыров Рамзана.