Цигахь дакъалаьцна республикехь бевзаш болчу журналисташа а, йаздархоша а, историкаша а – Дадаев Сайд-Хьасана, Юнусов Хьамзата, Мусаев Сулимана, Мурдалов Муслима.
Цхьаьнакхетар дӀадолош «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара билгалдаьккхира, Кадыров Рамзана хӀара шо Нохчийн халкъан историн а, историн хIолламийн а, архитектурин а, культурин тIаьхьалонийн а шо ду аьлла дӀакхайкхор хӀора а нохчочунна кхаъ хилла хилар.
«Нохчийчоьнан Мехк-Дас дӀадахана 2023-гӀа шо нохчийн маттана а, карара шо вайн халкъан историна а лерина хир ду аьлла дӀакхайкхор чӀогӀа мехала хилам бу. Шина тӀамах девллачу вайна чӀогӀа оьшуш ду вайн истори а, мотт а кхиор. ХӀокху шарахь вай бийр болу болх вайн тӀаьхьенашна пайде хир болуш бу», – элира Бувайсара.
Циггахь дийцаре дира хӀокху шарахь шуьйрачу хаамийн гӀирсаша беш болу болх а.
Историк а, йаздархо а волчу Мурдалов Муслима дийцира историкаша беш болчу балхах лаьцна. Иштта, цо йовзийтира шен тӀаьххьара арайаьлла «ЧИАССР – Сан Даймохк» книга а.