Гуламехь дакъалецира Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас, къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада а, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа а, Нохчийн Республикин адамийн бакъонаш ларйаран векала Солтаев Мансура а, Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахоша а, иштта йукъараллин организацийн векалша а.
Гулбеллачарна хьалха вистхуьлуш министр билгалдаьккхира Нохчийчохь контртеррористически операцин раж (КТО) дIайаьккхина де иза регион кхиорехь керла дахаран мур дӀаболош хилар билгалдаьккхина Нохчийн Республикин исторехь коьрта гӀулч хилар. Цо иштта баркалла элира оцу коьртачу толамехь дакъа мел лаьцначунна а, иштта таханалера машар а барт а ларбарехьа накъостий хиларца кхайкхам бира бахархошка а.
«Дьуненан цхьана меттехь карор йац вайн республикехь санна паргӀато йолуш меттиг. Иза ша дерриге а, дуьненайукъарчу терроризман а, экстремизман а дуьхьал болчу къовсамехь шен са дӀаделла волу вайн Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь ду. Вайна массарна а дага догӀу мел хала а, чолхе а хенаш йара уьш. Делахь и хала мур ца гина тӀаьхье йу вайна тахана кхуьуш.
Цундела иштта болчу гуламашкахь а, кхийолчу серлонан мероприятешкахь а кегийрхошна вайн истори йовзийта декхарийлахь ду вай»,–элира министра.
Дудаев Ахьмада кхин а тӀетуьйхира тахана Нохчийн Республика чӀагӀалле а, кхиаре гӀерташ хилар. Баккхий кхиамаш бу регионехь культурин а, дешаран а, экономикин иштта дуккха кхидолчу а дакъошкахь. Цунна тоьшалла ду дуьненан массо а маьӀӀера вай долчу богӀу туристаш а, инвесторш а.
Мероприяти дӀахьош концертан программа гайтира кхоллараллин тобанаша.