Оцу денна леринчу гӀуллакхийн гурашкахь Къоман «Даймохк» газетан редакцехь «Нохчийн меттан селхане а, тахане а» горга стол дӀайаьхьна.
Цигахь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Да волчохь йолчу нохчийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а экспертни кхеташонан декъашхоша а, Республикин бевзаш болчу журналисташа а, йаздархоша а.
Цхьаьнакхетарехь дакъадаьцначу «Даймохк» газетан коьрта редактора Шамсудинов Бувайсара дийцира нохчийн матто иттаннаш шераш хьалха лайна халонех а, таханлерчу хьолех а лаьцна.
«Вайна дукха дика дагадогӀу вайн махкахь вай нохчийн мотт бийца йиш йоцуш йаьхкина хенаш, ткъа тахана, Нохчийчоьнан Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан хӀора а денна бохург санна вайга кхайкхамаш беш, дехарш деш ву Нохчийн мотт бийца бохуш. Ненан мотт Ӏамо а, бийца а, цу маттахь йазйа а луучунна кхоьллина тӀехдика хьелаш а ду. Цул сов, сих-сиха ахчанца а, пачхьалкхан совгӀаташца а билгалбохуш бу нохчийн маттахь къахьоьгурш», — элира Шамсудинов Бувайсара.
Горга стол дӀахьош дийцаре дира даханчу Нохчийн меттан шарахь Нохчийчохь дина белхаш а, иштта хӀокху шарахь дан леринарш а.