Нохчийн меттан шарна лерина

Республикин Мехк-Ден сацамца дIахьош долчу нохчийн меттан шарна лерина Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос лерринчу программица кхочушдина а, кхочушдеш а бIеннаш гIуллакхаш ду хIара 2023-гIа шо доладелчахьана.
Оцу могIарерчу гIуллакхех цхьаъ ду тахана Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а Туьшахь журналистийн корматалла лакхайаккхаран курсаш дIайолор. Ненан маттаца болх бечу вайн хаамийн гIирсийн белхахошна нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонаш йовзуьйтуш, 28 сахьтана лерина и курсаш дIахьур йу эсаран беттан 25-гIа де тIекхаччалц.