ХӀокху шарахь Соьлжа-ГӀалахь дуьххьара дӀахьур йолчу Кавказан инвестицийн форуман (КИФ-2024) денош билгалдаьхна

Иза дӀахьур йу мангалан беттан 15-17-чуй деношкахь.Форумехь дакъалоцур ду туризман бизнесан а, агрокомплексан а, банкийн а, транспортан а, гӀишлошйаран компанийн а векалша. КИФ-ан гурашкахь 60 сов мероприяти дӀахьур йу. Декъашхошна кечйина йоккха культурин-самукъадаккхран программа а йу. Цуьнан гурашкахь экскурсеш, гайтамаш, спортан къийсадаларш, кхидерг а ду билгалдаьккхина. Форумехь къаьсттина тидам тӀебохуьйтур бу Къилбаседа Кавказехь туризм кхиоран гӀуллакхашна. Цул сов, Къилбаседа Кавказан федеральни округан социальни-экономика кхиоран гӀуллакхашкахула йолчу комиссин кхеташо а йу дӀайахьа лерина.