Белхан гӀуллакхца Москва вахана волчу Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана цхьамогIа цхьаьнакхетарш дIадаьхьна Кремлехь иза цхьаьнакхийтира Россин Президентаца Путин Владимирца. ТӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхойн гӀуллакхийн хьокъехь динчу хаттарна жоп луш, Нохчийн Республикин Мехк-Дас Пачхьалкхан Куьйгалхочунна дийцира тӀеман подразделенийн хьолах лаьцна.
«Муьллхачу хенахь ТӀеман лерринчу операце дӀахьоче дӀайахийта кийчча лаьтташ подразделенеш хилар а хаийтира ас. Путин Владимира лаккхара мах хадийра нохчийн бӀаьхойн, баркалла элира тӀеман лерринчу операцехь кхиамаш бахарна. Ткъа иштта, цо уьш декъалбира Даймехкан гӀаролхочун денца», — йаздина Кадыров Рамзана.
Иштта цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Россин Федерацин Правительствон Председательца Мишустин Михаилца. Цунах лаьцна Кадыров Рамзана йаздина телеграмерчу шен агӀонехь.
«Лерина дийцира республика социальни-экономикин декъехь кхиоран гӀуллакхаш. Билгалйехира къаьсттина тӀе тидам бахийта беза агӀонаш», — йаздина Кадыров Рамзана.
Билгалдаьккхинчу декъехь Нохчийчоьно баьхна кхиамаш бовзийтина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.
«Мишустин Михаила лаккхара мах хадийна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин декъашхоша бинчу белхан. Правительствон Председатела хаийтира муьлхха а гӀуллакх кхочушдарехь Нохчийчоьнна ша гӀо дан кийча хилар», — билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.
Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан Москвахь цхьаьнакхетта Россин Федерацин Президентан Администрацин Куьйгалхочуьнца Вайно Антонаца а. Дийцаре дина Нохчийн Республикин социальни-экономикин кхиаран гӀуллакхаш.
«Тхойшиннан къамел хилира Федеральни центран накъосталла оьшуш долчу гӀуллакхийн хьокъехь. Гуттар а санна, социальни-экономика кхиорехь накъосталла дан ша кийча хилар хаийтира Вайно Антона», — йаздина Кадыров Рамзана.
Иштта цхьаьнакхетарш хилира Россин Федерацин Федеральни Советан Пачхьалкхан Думин Председательца Володин Вячеславца а, Россин Федерацин Кхерамзаллин Советан секретарьца Патрушев Николайца а.