Леррина операци дIахьош 2 зуламхо схьа а лаьцна. Карарчу хенахь тоьшаллин хаамаш луш ву и шиъ. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас телеграмерчу шен агIонехь.
«Хууш ду, зуламхойн тоба зуламаш дан Iалашо йолуш хилар. Республикин бакъонаш ларйаран органийн белхахошна тешнабехк бан гIерташ хилла уьш. Амма, царна дицделла шаьш Нохчийн Республикехь хилар. Кхузахь оха цхьаьнгга а хьедойтур дац маьрша дахар. Зуламхошца луьра къийсам дIахьур бу. Кхин цкъа а боху: зуламхой гучубовла-м мега вайн республикехь, амма тхох бевлла цхьанхьа а гIур бац!», – йаздина Мехк-Дас.
Кадыров Рамзана даггара баркалла элира Россин МВД-н ТIехьа-Мартан кIоштехула йолчу отделан белхахошна иштта каде операци дIайахьарна.