Тахана, эсаран беттан 26-чу дийнахь, республикин «Даймохк» газетан редакцехь дIадаьхьира «Нохчийн мотт – хаамийн гIирсашкахь» темина журналистийн корматалла лакхайаккхаран курсаш кхиамца чекхйаьхначу ладогIархошна тоьшаллаш (удостоверенеш) дIадалар.
Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а Туьшан директора Юнусов Хьамзата билгал ма-даккхара, Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана 2023-гIа шо Нохчийн меттан шо кхайкхийна хилар тидаме а оьцуш, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон шарна йолчу оцу декъерчу программица нийса а догIуш, хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттаца болх бечу журналистийн корматалла лакхайаккхаран курсаш дIайаьхьна хIокху эсаран баттахь.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан а, хаамийн а департаментан директора Музуров Бекмохьмада шен къамелехь билгалдаьккхира нохчийн маттана лерина курсаш журналисташна оьшуш хилар а, Туьшо и болх кхиамца кхочушбар а.
Республикин «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара шен къамелехь коьрта тидам тIебахийтира нохчийн маттаца беш болчу белхан Туьшо даима а лерина тидам латтош хиларна. Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дIакхайкхийначу Нохчийн меттан шеран гурашкахь Дудаев Ахьмад коьртехь волчу министерствос а, цунна йукъайогIучу хьукматаша а нохчийн маттаца доьзначу гIуллакхийн йеш йолу терго даиманна а хилар билгалдаькккхира цо. Цул сов, Б. Шамсудиновс къаьсттина дийцира Туьшо нохчийн маттаца бечу балха йукъахь уггар доккха дакъа Юнусова Равзанан хиларх лаьцна. 40 шарахь сов ишколашкахь, Веданан кIоштан «Колхозан дахар» (хIинца – «Ламанан аз») а, республикин «Даймохк» а газеташкахь, Нохчийн Республикин Iилманийн академехь, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттанан технически университетехь нохчийн маттаца белхаш бина, доккха зеделларг долчу хьехархочо Юнусова Равзана лаккхарчу дикаллица, ладогIархой вуно реза а болуш, кхочушбира и болх, элира цо.
2020-чу шеран оханан беттан 29-чу дийнахь Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана №83 йолчу Указца тӀечӀагӀйина «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» журналисташна карлайахар йара курсийн Iалашо. Дешаран 28 сахьтана лерина и курсаш дIайаьхьира Зорбанан цIийнехь йолчу Туьшан дешаран хIусамехь.
Республикин шуьйрачу хаамийн, кIошташкарчу газетийн, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон, А. Кадыровн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетан «Журналистика» кафедрин белхахой бара корматалла лакхайаккхаран курсийн ладогIархой. Цара лаккхара мах хадийра нохчийн меттан коьрта бакъонаш карлайахарехь бинчу белхан, шайн хIора дийнан къинхьегаман декхарш кхочушдарехь хьашто йолу хаарш шайна даларх а дийцира.
Веррриге а оцу Iаморех чекхваьлларг 18 ладогIархо вара, царна корматалла лакхайаккхаран тоьшаллаш дIаделира Музуров Бекмохьмада а, Шамсудинов Бувайсара а, Юнусова Равзана а.
